Читать книги » Книги » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев, Магомет Абуевич Сулаев . Жанр: Историческая проза.
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Название: Лаьмнаша ца дицдо
Дата добавления: 15 июнь 2023
Количество просмотров: 283
(18+) Внимание! Книга может содержать контент только для совершеннолетних. Для несовершеннолетних просмотр данного контента СТРОГО ЗАПРЕЩЕН! Если в книге присутствует наличие пропаганды ЛГБТ и другого, запрещенного контента - просьба написать на почту для удаления материала.
Читать онлайн

Лаьмнаша ца дицдо читать книгу онлайн

Лаьмнаша ца дицдо - читать онлайн , автор Магомет Абуевич Сулаев

Эта книга содержит роман Магомеда Сулаева «Горы помнят», он тесно связан с романом «Тавсолта покидает горы». Здесь показаны те же герои, что и в первом романе автора, и раскрыта та же тема. Но в новом романе автор восстановил те эпизоды, которые ему пришлось удалить по соображениям цензуры. Кроме того, он добавил новые сцены и расширил содержание романа. С художественной точки зрения роман представляет собой весьма органичное и содержательное полотно. В нем читатель найдет занимательный сюжет, яркие и впечатляющие образы героев, описания природы, психологически захватывающие эпизоды. Впечатляет язык произведения. Это красивый образный чеченский язык, насыщенный мудрыми изречениями, красивыми речевым оборотами. Сохраняя форму и содержание эпического произведения, Магомед Сулаев создал одно из лучших своих произведений, роман о судьбе поколения чеченцев, которым досталось испытать вся тяготы войны и депортации. В книгу также включены религиозные стихи автора, написанные в разное время.

1 ... 44 45 46 47 48 ... 122 ВПЕРЕД
Перейти на страницу:
доцург… И дIора хазалла а лийр йу… — йуха а стигалехьа хьалахьаьжира иза. Цуьнан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Делахь а, сайл хьалха, со валале…Кесира йолуьйтур йара аса: Каташ леш цунна ца гайта… Суна а ца йелхийта… ТIаккха — Каташ а… Иза ша балехь ца висийта… Цара ловр йац сан Iожалла… Амма аса… Амма аса… Амма аса»… Кериман ойланийн зIе, эццигахь, дуткъа тай санна, хиэдира. Керимна хьалхара хелига тIера цаьпцалг цIеххьашха тамашен сиха йоккха хуьлура тIеттIа: Хьозанал!.. Алкханчал!.. Лечанал!.. ЦIарула-цIиэн цуьнан чекх сагун тIемаш, самолетан тIемаш санна, инзаре даккхий, йерриг арена тIоьхула дIасадаьржира… Лергашкара зов дайра. ДегI лестира. Ша йуха а кхетамчуьра волуш хиларх кхетта Керим, шен дегIан а, синан а тIаьххьара ницкъ гулбина, ша волччохь, охьа ца кхета гIерташ, меллаша охьавахара аккацина кIел. Бацала охьахиира иза, шина куьйга шен хьийза корта а лаьцна, меттах ца хьовш. ДегIера гIopa меллаша дIаоьхура. БIаьргашна хьалха дуькъа дохк хIоьттира. Кхетамчуьра ца вала гIерташ халла Iapa иза. КIорггера садеIа вуьйлира. БIаьргашна тIехула, таIош куьг хьаькхира. СадеIа вуьйлира кIоргга, сихха. Жимма гIopa духадогIуш санна хийтира. Амма бIаьргашна дуьхьалахь дохк хIинца а лаьттара.

Цхьамма-м шен белша тIе довха куьг диллича санна хийтира Керимна:

— ХьалагIатта. Хьо хIун деш Iа кхузахь, — ца девза аз хезира. «Мацаллина хIуьтту гIаларташ хир ду-кх», — аьлла, Керим хьалахьаьжира: Полат вара.

— Ой-й… ХьалагIатта! Хьоь ца луьй со! — тIечевхира иза. БIаьргашна хьалхара пардо дайра. Полат велакъежира:

— Вало, больнице воьду вайша!

— «A-а… со больнице охьавилла воллу… И-м дика ду»…

Хьала а гIаьттина, Керим, вист ца хуьлуш, дIаволавелира Полатца меллаша, Полатан цхьаъ бен доцу куьг а лаьцна.

— Хьан гIуллакх ледара дац: Эзаус больнице завхозан балха дIакхойкху хьоьга! — кхаъ баьккхира Полата.

Керим цIеххьана меттавеара:

— Баккъал?

— Баккъал! Цуьнан хилла волу завхоз, поляк, дагахь а доцуш дIаволуш ву: цуьнга Польски эскаре дIакхойкху. Эзаус хьо лаха ваийтина со…

«Лечуьра диса а ма мега тхо хIинца?» — дагатесира, цунна, кийра нур латош. КIеззиг хан хьалха валарна кIелсецна волу Керим хIинца, дуьнене безам буха самабаьлла, ойланехь тохавелира: «Кошан йисттера вухавирзи-кх со!» — ойла хилира.

Xlapa Эзаус лоьху аьлла хезна, Кесира а йара дуьхьал йеъна. Керима доцца дийцира цуьнга хилларг. Кесирас, доьлхучу 6Iаьргашца маравоьллира и, эхь ца хеташ, йуххехь Полат а воллушехь. Кесирас, банки чохь схьайеъна йовха картолийн чорпа малийра Керимна, жимачу берана санна, иза ирахь а лаьтташ. Полата хьалххехь йехна колхозан шарабан схьахIоьттира. Кесира чу а хьажийна, Полатна йуххе шарабан тIе а хиъна, больнице вахара Керим завхозан болх схьаэца.

МАРИГIАЗ

Завхозан болх Кериме дIабелла ша ваьлча, лекхочу дегIахь волчу къоначу поляко Эзаун кабинета чохь, стоьла хьалха а хиъна, актана тIе, цхьа сакъералуш хаьхкина куьг а таIийна, йуха цунна улло, къовларшна йуккъехь къастош, йехха охьайазйира шен цIе а, фамили а: «Казимир Койшефский». ТIаккха ши куьг забаре стигала хьалатесира: «Аве, Мария!» — аьлла, доккха са а даьккхина, коре озийра цо Керим:

— Сан квартира а паргIатйаьлла, хьуна, хIинца: хьуьлларчу цIеношкахь… ЦIена ши цIа, — пIелг хьажош, гайтира цо ураман дехьахь лаьтта, Iаьржа толь тIетесна, лохо дина, дехо цIенош.

— Дукха а ца доьху… ХIусамда — Антон Федорович Репалко — осала воцуш къонах ву… Фронтовик! — тIетуьйхира Койшефскийс, Керим а фронтовик хилар хезна.

Къоначу полякан белшах белш а тоьхна, жимма цуьнгахьа aгIop корта а таIийна, ирсе йелакъежна лаьттара таьIначу аматехь хаза медсестра Вера Репалко, ден-ненан бертаза цуьнга дукха хан йоцуш маре а йахана, хIинца цуьнца геннарчу махка дIайаха кечйелла.

Цуьнгара актаца ша схьаэцначу хIумнашлахь Кериман дог къаьсттина доккхадедийриг йара огороддий, (ах гектар ца кхоччуш, больницаний, белхалошний йелла), жимочу хIургонца цхьа каде говррий.

Амма цаьрга а хьажале Керим цу сохьта Репалкон xIycaме вахара, сихха квартирах барт бан. ХIусамда а, цуьнан йоккха стаг а, цхьаъ бен воцу кIант фронтехь а вайна, хIинца йоIах а девлла, шаьшшиъ дисина, кертарчу, тIединчу тишачу цIа чохь Iаш дара. НеI тоьхна, Керим чуваьлча, ший а стоьла уллохь хIума кхоллуш Iapa. Стоьл тIехь гора бошхепашкахь бепиг, салат, селедка, кхехкийна картолаш, юккъе хIоттийна къаьркъанан шиша. Керима ша деъна гIуллакх хьахошшехь, хIинцале а гIеххьа кеп хилла волчу Репалкос, хьала а гIаьттина, пхьарс лаьцна, шеца стоьлана йуххе табуретки тIе охьахаийра Керим:

— И тIаьхьа дуьйцур ду вай. ХIинца… цхьацца дIабаккха беза… Хьо вайх волчух тера ву!.. — элира цо Кериман некха хьалха а хьаьжна. Кериман кара, цуьнга хаттаза, дуьззина стака а делла, цуьначух шениг туьйхира цо, ондда зов доккхуш. Цу сохьтта Репалкон, хьех санна, боданечу йоккхачу багахь тIепаза йайра и кIайн лепа тIуналла. Керима шениг, кIеззиг дIа а мелла, охьадиллира шишана тIехьа — ца гайта.

— Э-э!.. И мегар дац, сан ваша. Вайшиъ дуьххьара гуш ву, дIаэцал и! — аьлла, стака Кериман кара а делла, дIамалийтира, чекхдаллалц. Йуха а дуьзира ший а. Йоккхачу стага маллане а ца молура: иза, реза йоцчу йуьхьца шен майрачуьнга а хьоьжуш, тийна Iapa: тера дара, шена хетарг цуьнга баха кIорда а дина, хIинца, дог а диллина, иза IадIачух:

— Венгрехь… Го лаьцна висинчохь, Iемина цунна иза, — бехказа вохура йоккхачу стага шен майра, Керим шена ца молуш гича, цунах эхь а хетта.

— ХIа!.. Дахара вай!.. — аьлла, Репалкос йуха а дIамелира шениг Керимачух а тоьхна, амма цуьнга кхин мала а ца олуш. Репалкос хIоразза а, кад дIа моссаза молу, йуьхь кIон хебаршка йохуьйтора, бIаьргаш мерза хьабдора. Керимна хетарехь, и цуьнан дегIана марзделларг цуьнан кхетамо къобал ца дора.

— Дийцал хIинца, сан доттагI, бераш дуй хьан?

— КIант ву.

— И дика ду. Зудабераш оьшуш дац: хьан де эшначу муьрехь, хьо а тесна, дIагIур бу, хьуна, уьш, — Репалкон бIаьргех суй белира…

Цо Iийна, тIетуьйхира:

— КIентий а ца оьшу: уьш… уьш а тIам тIехь ле! — меллаша, бер санна, вилхира и, бIаьргех буй хьоькхуш. — Хаалахь, бераш хиллане а цахилар тоьлу, хьуна, кху дуьненахь!..

Керимна кIорггера къахийтира цунах. ЦIеххьашха бIаьргех йовлакх хьаькхна, Кериман бIаьргаш чу хьаьжира Репалко. Цуьнан йуьхь а хийцайелира, забаре йоцчу аматехь: Керимна гира цуьнан бIаьргийн кIоргаллехь догу, цо Берлинах латийначу цIеран можа суйнаш. Репалко хьалагIаьттира:

— Ахь хIун дей? Иштанехьа Iийр ву хьо!.. Мах боцуш!.. Суна хIинца кепек а ца оьшу!.. Хьенан дуьхьа?.. Хьуна лулахь, дехьа чохь, Iаш кхин цхьа фронтовик — кхарачай а ву, хьуна. Кханнехь, хьайн хIуманаш а йахьаш, доьзалца схьакхалха.

Вукху дийннахь Керим больницин хIургонахь Жал-тюбера шайн хIумнашца, Кесира а йалош, шина цIа чу схьакхелхира. Кериман лулахь, эскарехь политрук а лелла, капитанан чинехь цIавеъна кхарачай Азрет Шихангиреевич Шаманов, зуда а йалоза, ша Iаш вара, Гродековора денна Жал-тюбе балха а оьхуш. Иза цигахь, райцентрехь, райпотребсоюзан председателан

1 ... 44 45 46 47 48 ... 122 ВПЕРЕД
Перейти на страницу:
Комментарии (0)